Г1АРГ1УЛЕШ (сценарий для школьного спектакля)

Г1АРГ1УЛЕШ. (сценарий для детей)
Дакъалоцурш:
1. К1айн иччархо.
2. 1аьржа иччархо.
3. Нана-г1арг1ули.
4. 1аьржа т1ам.
5. Сира т1ам.
6. К1айн т1ам.
7. Баьчча-г1арг1ули.
8. Баьччин накъост-г1арг1ули.
9. Къена Борз.
10. Къона Борз.
1-ра сурт
(1ам, цунна гонаха баьлла эрз, и сурт экрана т1ехь. Лакхахь, х1аваэхь лелачу хьозийн, г1ург1езийн сурт. Гучуйолу Нана-г1арг1ули а, кхо г1арг1ули к1орни а.)
К1айн т1ам. Ма хаза дуьне ду-кх х1ара! Хьовсийша, сан хьоме йижарий, х1ара хаза сийна тулг1е, махо хаза лестош болу и баьццара эрз! Сайн ницкъ кхаьчча, массо г1арг1ули а, хьозий а, д1о стигалхула тулг1енаш санна хаза, шайн к1айн т1емаш лестош лела и г1ург1езаш а ирсе, машаре йохуьйтур йара-кх ас! Ма хаза дуьне ду-кх х1ара!
Нана-г1арг1ули. Сан хьоме йо1, К1айн т1ам, хьо санна дог ц1ена долуш делахьара дуьненчохь мел дехаш долу х1ума а. Амма х1ара, бух боцчу 1омах ц1а хилла лаьттина, буькъа эрз а бу мажбала боьлла. Чекхъели вайн хаза хан-аьхке. Кестта дуьйлалур ду и шийла гуьйренан дог1анаш. Вай кечдала деза геннарчу, х1орда дехьарчу бовхачу махка д1акхалха, йуха б1аьсте т1ейаллац. (Гайг1ане корта ластабо). Ца хаьа-кх вайх массо а цига д1акхочий а…
Сира т1ам. Нана-г1арг1ули, хьо ма г1айг1ане йу тахана. Хьажахьа оцу дашочу малхе! Мел хаза а, бовха а бу и! Хьажахьа оцу сирлачу мархашка, мел хаза техка уьш оцу стигалахь, ша и г1ург1езаш санна!
Нана-г1арг1ули. Сан йо1, Сира т1ам, хьо х1окху шарах бен ца йаьлла х1окху дуьнен чу. Хьуна х1инца а ца йевза 1аьржа мархаш. Цара кестта д1акъовлур бу и бовха малх. Цара дахьар ду вайна шийла дог1а, вай кхузахь хьелахь, и шийла ло а кхочур ду х1окху хазачу аренга, х1окху йалсамен санна болчу 1ома т1е.
1аьржа т1ам. Нана-г1арг1ули, ма ирча сурт ду ахь тхуна хьалха х1иттош дерг! Ма кхераехьа тхо. Х1ун дан деза оха, дийцахьа цул а.
Нана-г1арг1ули. Сан хьоме бераш, аш сиха белаш кечам генарчу махка даха новкъадовла. Вай, мог1а нисбеш, стигалхула д1адаха 1ама деза. Вайн кестта, вешан баьччина т1аьхьа а х1иттина, даха дезар ду генарчу махка. Т1аьхьах1иттал суна, ас 1амор ду шу.
(Нана-г1арг1ули хьалха а йолуш, мог1а нисбой, т1аьхьах1уьтту бераш-г1арг1улеш, цара, ирхйовлу кеп х1иттош, гуонаш туьссу. Сценин цхьана аг1ор гучуволу доккха ши мекх а долуш, ирча духар а дуьйхина, гехь топ а йолуш, 1аьржа иччархо.)
1аьржа иччархо. (К1адвеллачу кепехь, хьаьж т1е куьг а хьокхуш) Эх1-х1ай, ма к1адвелла-кх со тахана. Са а тасале араваьлла, г1аз-бад лохуш лелаш ву со, х1ара уьшалш толлуш. Х1окху боьхачу 1омалахь, эрзаш йукъахь йехаш-1аш йолу х1ара г1езаш а, бедаш а йаъа муха мега техьа. Х1орш-м шаерш а йайина д1айаха йезаш йара х1окху дуьненчуьра а. Х1ара дуьне бехдар бен, цара беш пайда бац! Собар де аш,бедаш-кедаш, г1езаш-медаш! Ас бер шун болх! Со цкъа т1екхачийта аш шайна! Ас, шаерш а йайина, х1у дойур ду шун! Ас х1окху тоьпан патармаш кхачадаллалц х1аллакйийр йу шу! Со-м, к1адвелча, мацвелча, ч1ог1а дера хуьлуш вай! Собар де аш! (Ц1аьххьана г1арг1улеш го) Ой, хьажахьа х1окху 1оржамашка а! Хелхайовлуш йац уьш? Х1ара дуьне дуьзина-кх аш а, беш пайда а боцуш! Собар де аш! (Тебаш, улло вог1уш, топ хьажайо).
Нана-г1арг1ули. (1аьржа иччархо го цунна) Иччархочо хьажийначу тоьпана дуьхьалайоду иза, ши т1ам а баржабой, шен к1орнешна топ ца кхетийта). Ва-ай! Сан к1орнеш, йовдий к1елхьарйовлалаш! Вайн уггар луьра мостаг1 ву шуна вайна текхаьчнарг! Иччархо!
1аьржа иччархо. Хьажахь х1окху убаре а, суна дуьхьалйала йоллу-кх. Шун х1у-м ас дойур ду! (Топ йолу).
(Нана-г1арг1ули, лазайина йоллушехь, чукъоссало 1аьржа иччархочунна. Шолг1а йаьлла топ К1айн т1омана кхета. Нана-г1арг1ули, 1аржа иччархочух тийсалуш, охьайужий ле. Оцу ханехь 1аьржа-т1ам а, Сира т1ам а, т1екхетий, К1айн т1омана г1о деш гучуьра йолу. 1аьржа иччархо, Нана-г1арг1ули йоьжча, цуьнан к1орнеш лоьхуш, д1асауьду, топ а хьежаеш. Амма, уьш ца карайой, догдет1ий, соцу. Жимма 1ийча, ша-шега дов а деш, къайлаволу иза а. Кхин а жимма хан йаьлча гучуйолу кхо г1арг1ули к1орни, шимма лаьцна йалош йу К1айн т1ам а. Кхоь а йоьлхуш, йоьхна хьаьвза, елла 1уьллу шайн Нана-г1арг1ули а гой. Шийла мох хьоькху хеза. 1аьржа мархаш гучуйовлу)