Хьайбах. Драма

ХЬАЙБАХ. Сценари.
Дакъалоцурш:
1. БАБА БИКАТУ – Маликин марнана-йоккха стаг
2. МАЛИКА – нана
3. ТАЙМАСХА – Маликин йо1-т1емло
4. ТУРПАЛ – Маликин к1ант-т1емло
5. ДИКНИ – Маликин жимахволу к1ант
6. ДЕЦА БУСАНИ – Маликин лулахо
7. ПЕТ1МАТ – почтальон (АЗ).
8. ГВИШИАНИ – комиссар НКГБ, эскаран куьйгалхо
9. ХЬАЛХАРА САЛТИ
10. ШОЛГ1А САЛТИ
1-ра СУРТ
ГЕНАРА СХЬАХЕЗАШ ДУ СЦЕНИ Т1ЕХЬАРА ОЛУШ ДОЛУ ИЛЛИ (2 вариант – гитарица илли локхуш). КИРХЬАНА ХЬАЛХА СЦЕНИ Т1ЕБОВЛУ БАЙТ ЙОЬШУШ БЕРШ (1,2). ИЛЛИ ЛАХЛО.
1-ра байт йоьшург
Х1ай! Шира Турпала, тхан Нохчийчоь!
Х1ай! Нохчийн сий долу бохь лекха лаьмнаш!
Сийначу стиглашна гергара чоь!
Шун карахь тарделла вежарийн къаьмнаш!
2-г1а байт йоьшург
Эзарнаш шарашкахь, х1ай, нохчийн мохк!
Хьо хилла къизаллан, къийсаман карахь!
Хийлаза х1оьттира мостаг1ийн дохк,
Хийла к1ант къевлира 1ожалло марахь!
1-ра байт йоьшург
Г1одехан дуьйлира, халонаш ловш,
Цу нохчийн к1енташка Советан 1едал!
Паччахьан эскаршца долийра дов,
Нохчаша т1еийцира ц1ен байракх-седа!
2-г1а байт йоьшург
Гитлера латийна зулманан ц1е
Кхечира эххар а Советан махка.
Эзарнаш, эзарнаш цу т1амана т1е
И нохчийн къонахой бахара чехка!
1-ра байт йоьшург
Цу т1еман аренгахь и нохчийн тур
Лепара къийсамца, сий ойбуш леккха
Т1аьхьенийн т1аьхьешна ду иза гура…
Ткъа х1инца-м Нохчийчу «ц1ен саьрмик» теккха!!!
2-г1а байт йоьшург
Х1ай, Хайбах! Х1ай шира ламанхойн юрт!
Да виса, х1ай лаьмнаш! Тешнабехк бохьуш
Советан и 1едал тебаш ма ду,
Ц1ийн басахь и байракх шен буйнахь йохьуш!!!
ШИРЧУ НОХЧИЙН МУКЪАМЦА (мукъам ч1аг1луш) КИРХЬАНА Т1ЕХЬА КЪЕВЛАБОВЛУ БАЙТАШ ЙОЬШУРШ
2-г1а СУРТ
БАККХИЙНАРШ А, КЕГИРХОЙ А БУ ЦХЬАНА ЧОХЬ ГУЛБЕЛЛА. ЗУДАБЕРАШ Ц1ЕНКЪАЙУККЪЕ Т1АРГ1А КЪАЖБЕШ ДУ. ЦХЬАБЕРШ Т1АРГ1А ХЬОВЗУШ БУ УРЧАКХНА Т1ЕХЬ. ВУЬЙШ Т1ЕРГ1АН ПАЗАТАШ ЙЕШ БУ. МЕХКАРША ЛОКХУ ЙИША.
(БАБА БИКАТУ, МАЛИКА, ДЕЦА БУСАНИ, ТАЙМАСХА, ДИКНИ. ДУХАР – НОХЧИЙН КЕПЕХЬ. ДИКНИ ШАЬЛТАНЦА ВУ).
БАБА БИКАТУ. (МЕХКАРША ЛОКХУЧУ ЭШАРАХ САМУКЪАДОЛУШ) Ма хаза локху аша и йиша. Со жима йолуш, суна а ч1ог1а хазахетара иштта т1арг1а къажбеш бинчу белхелахь мехкаршца йиша локхуш. Сиха д1айоьдуш хиллера жималла а, хан-зама а.
ТАЙМАСХА. (Тамт1ехь лозийна коча оьллина куьйг ду). (Деца Бусанига) Баба, шу кегийра долуш-м ч1ог1а самукъне хилла хир ду. Аша-м эшарш лекхна а ца 1аш хелхаран бал а боккхуш хилла хир бу.
БАБА БИКАТУ. Ой, дера довлура тхо-м ч1ог1а хаза хелха! Тхан белхела бог1уш-м дукха кегийра нах а хуьлура тхан эшаршка ладог1а а, хелхабовла а.
ДИКНИ. Баба, хьо-м х1инца а йара хелхаран ког шаршор болуш! Йарий?
БАБА БИКАТУ. Д1авала цо х1ун дуьйцу. Баба къена ма ю. Кегийрхой бовла беза хелха а, церан дала деза самукъа а.
ДИКНИ. (Хелхаран эшар йолало. Хьала а эккхий, бабина бохь буг1уш и хелха йаккха г1ерта). Баба, йалахь соьца хелха!
(МАССО А САМУКЪАДАЬЛЛА, БАБА БИКАТУ ХЕЛХА ЙАККХА Г1ЕРТАШ БУ, ДЕХАРШ ДЕШ. БАБА БИКАТУС ШЕН МА-ХУЬЛЛУ ДУЬХЬАЛО ЙО).
БАБА БИКАТУ. (Хьала а г1оттий баккхийн нехан кепехь хелха йолу Дикница).
ТАЙМАСХА. (Хелха йолу шен вешийца).
МАЛИКА. Дера вай сакъоьруш делахь а, вайн нохчийн к1ентий-м т1амт1ехь хало ловш бу. (Б1аьрхи д1адоккху йовлакхан маь1игца).
ДЕЦА БУСАНИ. (Маликина белшана т1ехула куьйг а хьокхуш) Дера, сан лулахо, т1ом х1окху дуьненахь уггар а вон х1ума ма ду. Делахь а Делера дикане сатуйсуш хила деза вай. Собар хила деза. Вайн к1ентий-м мостаг1чух майра леташ бу. Нохчийн сий ца дожош, шайгара даккхий хьуьнарш гойтуш бу уьш!
МАЛИКА. Т1еман халонел сов шийла ма ю цара т1емаш беш долчу махкахь.
ТАЙМАСХА. Шийлачу махкахь йовха х1уманаш ло вайн салташна. Фашисташа-м шайн салташна йовха х1ума а ца кечйина хилла. Уьш-м шина-кхаа баттахь вайн пачхьалкх гора х1уттур ю моьттуш хиллера шайна.
ДИКНИ. (Бегаш бан г1урту) Йеттачу йаккхийн тоьпаша а йовхо лург хир ю цигахь-м.
ТАЙМАСХА. Дера т1амт1ехь йаккхий тоьпаш а ма етта, ц1еран алу а ма хуьлу даккха са а ца дуьтуш. Амма вайн эскарийн толам гергахь бу х1инца! Дукха хан ца йисина х1инца т1ом чекхбала. Делахь а вай деш долу г1о оьшуш-м ду салташна.
ДЕЦА БУСАНИ. Ванах, Таймасха, вай х1ун г1о дийр ду салташна.
ТАЙМАСХА. Вай салташна йахьийта кечьеш яц вай х1ара йовха т1ерг1ан пазаташ? Йовха кетарш, вертанаш, куйнаш, кхин а дукха х1ума гулдина нохчийн зударша салташна т1аьхьа дахьийта. Оцу х1умнаша-м уьш бохбина а ца 1аш, царнна ницкъа ло т1ом бан а, мостаг1 эшон а. Иштта ц1ера х1уманаш шайна т1аьхьакхаьчча, уьш-м дукха дика кхета шаьш ларош дериг шайн нанойн, йижарийн, шайн мехкан сий дуй!
МАЛИКА. Дера йо1 хьо бакъ-м луьйш ю! Суна Йуьрта Советан хьалха кхозуш йолчу радио чухула хезира вайн нохчийн зударша дукха х1ума гулдо т1емлошна т1ехьадахьийта. Дукха ахчанаш а гулдина, шайн лергах ухкурш, п1елгахюхку ч1агарш, коча ухку дашон з1енаш д1алуш герз дечу заводашна дукха х1ума гулдина боху нохчийн зударша.
Дала вохавойла и Гитлер а, цуьнан 1аьржа б1о а! Дала сий дойла Сталинан а цуьнан накъостийн а! Сталин ца хиллехьара-м йиш хила а ца хиллера!
ДЕЦА БУСАНИ. Дера вайн массо а къаьмнашна да а хилла д1ах1оьттина ма ву и! Дала г1о дойла цунна а, цуьнан накъостий а хилла лаьттачу нехан а, къаьстина Берийн а.
ТАЙМАСХА. Лаврентий Берий а, ша Сталин а вайна уллора ма ву, вайца ц1ий уллора долуш ма бу гуьржий а. Т1амт1ехь соьга олура накъосташа медйижарша, со Кавказера йуй шайна хиъча: «Ма ирс долуш ю хьо, Сталин а, Берий а гергара нах буй хьан! Царна т1ехь лаьтташ ма бу вайн толам!». Вайн нохчийн а, г1алг1айн а к1ентий а бу берзлой санна фашистех леташ! Цхьа Ханпаша Нурадилов тоьура ву, кхин х1умма а ца хилчи а! Эзара фашист х1аллаквина цо цхьаммо шен пулеметаца!
ДИКНИ. Кестта, жимма со воккха хилчи, со а г1ура ву оцу фашисташца т1ом бан! Со воккха хиллалца чекх ма балахьара и т1ом! Ханпаша-м солла а кхин дукха воккха а ца хилла! Тами (Таймасха), ма ирс долуш йу-кх хьо! Кестта йуха т1амт1е г1ура йу-й хьо! Со а вуьгура вуй ахьа хьайца?
ТАЙМАСХА. Вуьгура ву… жимма воккха хила веза цкъа хьалха. Ахьа х1ума к1езига йуъу, ахьарах дина худар даъан деза! (Йелало).
МАЛИКА. Дикни, вало арара жимма пеша таса дечиг да вайна. Буьйса шийла хилан тарлуш ду вайна.
ДИКНИ. Мегар ду, нана, аса сиха дохьу и. (кетарах хьаьрчий араэккха)
МАЛИКА. (Таймасхе) Ванах, и немцой кхин эшабина йуха бог1ура бац техьа? Х1ара к1ант а, кога вахана а валале, т1амат1е вахан воллуш ву. (б1аьргах йовлакхан т1ам хьокху). Турпала а т1амт1ехь волу масех шо ду, кехат ца доийту дикка хан йу.
ТАЙМАСХА. Самагаттадехьа, нана! Вайн Турпал майра к1ант ву, цо и немцой бевдича а к1елхьара бовлийтура бац-кх!
ДЕЦА БУСАНИ. Турпал майра к1ант ву! Оцу вайн кертара старг1а и ц1ахь волуш, чу хьаьддера цунна. Цо и ши ма1а а лаьцна, корта хьовззийна лаьтта охьайиллира-кх и!
МАЛИКА. Бусани, хьуна хезний цхьа х1ума? Вайн лаьмнашка кеманаш т1ера фашистийн салтий кхийсина бохуш?
ДЕЦА БУСАНИ. Ой, и хилла дукха хан ма ю, немцой Малхбекана уллохь лаьтташ бара оцу хенахь. «Дисант» олу оцу салташаха. Цхьа 50 салти кхоьссина хиллера паршоташна т1ехь вайн лаьмнашка. Х1инца кхерам бац, немцой Кавказера арабаьхна а ца 1аш, уьш вайн пачхьалкхана дозанех а кестта арабохура бу бохуш хизина суна.
МАЛИКА. Ткъа «дисантах» х1ун хилира? Х1инца а цигахь-м бац техьа уьш?
ТАЙМАСХА. (Йелалуш) «Десант» а, «диверсанташ» а олу царах. Бац дера немцой вайн лаьмнашкахь. Губи 1усман бохуш цхьа суьйлийн пекъар-полковник хилла уьш балош веъна, нохчаша шаьш, деза хьеший а дина т1еоьцура ду моьттуш! Цхьацца долу къаьмнийн дукха векалша т1еэцна уьш, хьеший бина а… Шаьш нохчийн лаьмнашка баьхкина а дохко бевллера уьш! Бенойн кегийрхоша ша-ша лаца а г1ерташ лергъяхарш санна схьа а лийцина Советан 1едалан кара д1абелира уьш. Ткъа церан парашютан к1адийнех шайна цхьа безамехьа к1айн дарийн кучамаш йайтира. Ч1ог1а а, дика а, дарийн к1адех йина хиллера боху и немцойн парашюташ.