Зударин фитна

Размер шрифта:   13
Зударин фитна

© Сайд-селиман кiант Хьусайн, 2025

ISBN 978-5-0068-1939-9

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ЗУДАРИН ФИТНА

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Лараме вежарий, йижарий. Лараме бусалба нах.

Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, до1 деш хилла:

Я Аллах1! Баккъаллаъ аса йоьху Хьоьга нийсо а, (Хьоьхь) кхерар а, (питнех) ц1аналла а, тоам беш хилар а (Ахь делчух).

Нийсо йовзар Веза-Сийлахь Аллах1ера доккха совг1ат ду. Цуьнан боккха къинхетам бу иза. Т1къа адман т1ехь ду нийсо шайна йоьвзича цу т1ехь хилар, цуьнца нисбалар.

Тахна вайн юкъахь ч1ог1а галдаьлла х1ума ду, иза божаршна а, зударшна а юкъахь йолу эвхьазло ю. Царна юкъера пардо д1адаьлла. Ч1ог1а маьттаза даьлла дуккху х1ума. Иза нисдар вайн декхар ду. Божаршна т1ехь ду зударий ларбар, 1алашбар, цаьрца эвхьаза ца буьйлуш. Къонахий зударшца эвхьаза буьйлура бац, къиллой бен зударшца эвхаза буьйлура бац.

Б1аьрса лардар

Уггаре хьалха божарш а, зударш а шайн б1аьрса лардан деза. Цара вовше хьажарх б1аьрса лара цадарх хуьлуш ду уггаре хьалхара фитан. Цундела, Веза-Сийлахь Аллах1а магийначу барамел бен вовше хьажа мегар дац стагна а, зудчунна а.

Веза-Сийлахь Аллах1а Къуръан чохь боху:

«А́ла (х1ай Мухьаммад) муъмин-божаршка а: шайн б1аьргаш ларде (хийрачу зударшка а ца хьоьжуш), шайн 1овраташ а ларде (хийрачу зударех), иштта царна ц1ена хир ду. Боккъалла а, Аллах1 цара лелориг хууш ву. А́ла (х1ай Мухьаммад) муъмин-зударшка: шайн б1аьргаш ларде (хийрачу божаршка а ца хьоьжуш), шайн 1овраташ а ларде (хийрачу божарех)».

Хьажа, маьл исбаьхьа хаза ду Къуръан! Кхузахь вайн билгалла долу стаг зудчунга хьажа мегаш ца хилар зудчун ши куьги, юхьи йоцург. Зудчун шин куьйга а, юьхьи а хьажа мегаш ду дагахь х1ума доцуш. Амма зудчун юьхь хазъеллехь я ши куьг хазъделлехь, т1аккха цаьршинг а хьажа мегар дац. Х1ара маца ду? Дера ду зуда хьижаб доьхна елахь. Т1къа тахна хьижаб доьхна йоцучуьнга хьоьжучун хьал муха хира ду аьлла хета хьуна, хазъделла цуьнан куьйге а, юьхье а хьажа мегаш ца хилча?!

Вайн хьал Къуръанац ахь дуьстича билгалла долу хьуна Къуръанах вай гена хилар. Башхалла яц стаг хьажа хьарам долчу зудчуьнг миччанхьа хьажахь: газет т1ехь, телвизор чохь, журнал чохь, сурт т1ехь, телефон чохь, муьлхачу меттехь а.

Т1къа тахна дийнахь мосуза го хьуна зуда? Мосуза го хьуна шен меженаш гучу яьхна зуда? Дукхуза гокх вайна уьш х1ора дийнахь а, буса а. Т1аккха муха хира ду вайн ийман ч1ог1а? Хуьлийла ма яц, х1унда аьлча вайн б1аьрган маьл гина хьарам х1ума вайн дагчу доьдуш долун дела, т1къа ийман даг чохь ду, цундела даг чуьра ийман г1еллокх вайн. Цундела, лардан деза вай вешан б1аьрса.

Лараме бусалба нах! Лаахь а, ца лаахь а, зуда цагуш ца дуьсу вай. ВогIуш а, воьдуш а зуда гар нисло. Цундела, зуда гарх хьуна къа дац, хIунда аьлча иза хьоьх доьзна дац. Амма хьуна иза гинчул тIаьхь хьо цуьнга юха-юха дIахьежар къа ду хьуна. ХIунда аьлча юха-юха цуьнга дIахьежар иза хьоьгар долун дела.

Вуьшта а, хьижаб тиллина зудчуьнга хьежа а мегар дац, иза хазъелла, цунна тIе баьрг хоьттина. ЛадогIа кху хьадийсе.

АллахIан Элчо, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«ХIай Iалий, цхьауз гича (зуда) шоллагIа ма хьажалахь, баккъалла а хьуна цхьауз бен дац хьуна, шоллагIнаг хьуна дац хьуна».

Цхьауз хьуна зуда гинехь къа дац хьуна, амма шоллагIа хьо хьажахь къа хира ду хьуна бохург ду иза.

ХIинца вайн вежаршка ала лаьа суна. Лараме вежарий, къонахий! Вайн йижарий ларбар вайн тIехь ду, церан сий дар а, ларам бар а. Цундела, бусалба къонахчуьнца товш дац иза зударшка дIахьоьжуш хилар. БIаьргаш къарзина зударшка хьоьжуш хилар бусалба стеган куц дац. Зударшка дIахьоьжуш волчо шен ийман хIаллак до, шен ийман гIелдо цо. Хьижаб тиллинчу зудчунга а хьежа бакъо яц хьан, тIкъа хьижаб доьхна йоцучу зудчуьнга муха хьоьжур ву хьо?! Само е, хIай сан бусалба ваша! ХIора хьан хьарам хьажар дIаязъдеш ду хьуна. Къемат дийнахь цунах хьоьгар жоп доьхур ду хьуна, дуьненахь ахь тоба дина иза ца дитахь.

Ларамe бусалба нах, вежарий, йижарий, вай массара терго ян езаш х1ума ду шуна х1ара. Хьалхара вайн йижаршка ала лаьар суна. Ларамe тхан йижарий, хьижаб леладар Веза-Сийлахь Аллах1а хьуна т1едиллина фарз ду. Хийрачу стагна хьижаб доцуш ган йиш яц хьо. Хийрачу стагна хьан юьхь а, ши куьг а бен ган йиш яц. Кхи йолу меженаш хийрачу стагна гахь хьуна къа ду хьуна. Хьоьга хьажначу стега къа а хира ду хьуна. Х1унда аьлча ахь цунна бахьна х1оттина хьижаб ца тилларца. Хьижаб хьан декъалалла ю. Хьижабо дуккху къинах ларйийр ю хьо. Хьижабах лаьцна къорге хаа лаахь, цунах язъдина жайна ду вай «ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ» аьлла ц1е йолуш. Иштта Оьрсийн матте а даьккхина ду иза «ХИДЖАБ» аьлла ц1е йолуш.

Тахна вайн нанош а, йижарш а хьижаб ца дохар тайпа-тайпана бахьнаш ду. Амма Веза-Сийлахь Аллах1 ца везашам бац уьш. Веза-Сийлахь Аллах1ан дезаш дерг ца дезаш а бац уьш. Амма цхьацца х1уманна бисина уьш иза т1едохаз, амма цара иза ц1къа т1едухура ду Даламукълахь. Цара иза духур ду хьижабах дерг шайн билгалла доьвзича. Царна иза довзита язъдина дара вай «ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ» ц1е йолу жайна. Делахьаъ, хьижаб леладарн фарз хилар билглла деш Веза-Сийлахь Аллах1а къуръан чохь аьлларг хахора ду вай.

Продолжить чтение