Пайде дийцарш

Размер шрифта:   13
Пайде дийцарш

© Сайд-Селиман Кiант Хьусайн, 2025

ISBN 978-5-0068-1834-7

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

дешхьалхе

БисмиЛлах1иРрохьманиРрохьийм. Хастам Аллах1ан бу 1аламаш Кхиош-Кхобуш волчу. Цуьнан салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчан Мухьаммадан а, цуьнан ох1лана а, Асхьабашна, царна т1ехь мел ваьзначун а. Цулт1ехь:

Айса жайна йаздеш йукъ дилла дийцар эшча, наггахь дийцар оьшуш хуьлар суна хьалха жайнеш чохь хьахийна долу. Т1аккха иза муьлхачу жайни чохь дуй хьожи цу чуьра схьаоьцура аса. Амма йаздина жайнеш дукх гулделча муьлхачу жайни чохь ду суна оьшу дийцар билгала ца хуьлура. Леха дезаш хуьлар. Цулт1ехь суна даг деара уьш цхьанна гулдича атта хира даркх суна аьлла. Т1аккха уьш гулдан хоьттира со. Цулт1ехь суна даг деара уьш жайни чохь ара хецча дика хирг хилар, нахан цунах пайд хила тарлокх аьлла. Цундела вайн жайнеш чуьра схьагулдина вай х1ар дийцарш бусалба нахан пайден. Веза-Сийлахь Деле доьху вай кху жайнах пайд бар бусалб нахан, вайн йукъахь дика дерг даьржаш, вон дерг д1адолуш.

Сайд-Селиман кIант Хьусайн

ДИКА МАХ

Пайхамаран заманахь цхьана дийнахь цунна т1е цхьа буобер деара, цо элира:

«Х1ай, Аллах1ан элча, сайн бешана гондахьа керт нисъеш вара со, ткъа кертан дуьхьал сан лулахочуьнан дитт нисделла суна, некъ хадош.

Аса цуьнга дийхира и дитт суна далар, цуьнца сайн керт нисъян, цо ца делира суна иза. Т1аккха аса цуьнга иза сайна схьадохка элира, ца доьхкира цо. Х1ун де ас, х1ай, Аллах1ан элча, къастаде х1ара 1уллакх».

Пайхамара цу к1ентан лулахо кхайкхира шена т1е. Иза схьавеача цо цуьнга дийцира к1анта шега дийцинарг. Лулахочо иштта ду иза элира.

Т1аккха пайхамара дийхира цуьнга цо и дитт цу к1антана д1адалар я иза цунна дохкар. Лулахо реза ца хилира.

Пайхамара юха а элира: «Д1адохка и дитт цу к1антана, т1аккха Дала хьуна цунна дуьхьал ялсамани чохь дитт лур ду хьуна, говрахь волчу стага б1е шарахь некъ бийр болуш, цунна бухахула ша валале».

Гондахьа лаьтташ болу асхьабаш (Дела реза хуьлда царна) цецбевлира цу доккхачу совг1атех. Ма доккха совг1ат ду иза? Делахь а лулахо реза ца хилира цунна, дуьне дукха дезар бахьана долуш.

Т1аккха Абу Дахьда́хь ц1е йолу пайхамаран асхьаб юкъавелира царна, пайхамаре хаьттира цо: «Ас и дитт эца эцна, цу к1антана дитахь суна хир дуй ялсамани чуьра и дитт?

Пайхамара элира: «Хир ду».

Т1аккха Абу Дахьда́хьа цу лулахочуьнга хаьттира: «Хьуна евзий сан беш?» Лулахочо жоп делира: «Евза дера! Мадийнатехь хьан беш ца евзаш мила ву, шена чохь ялх б1е дитт долуш, кертахь г1у йолуш, гондахьа лекха керт йолуш, Мадийнатера мел волу йохк-эцархо цу бешара стом безаш ма ву, иза дукха ч1ог1а дика болу дера.»

Абу Дахьда́хьа элира цуьнга: «Хьайн дитт схьадохка суна цу сан бешана дуьхьал.»

Лулахо цецваьлла хьаьжира цуьнга, цунах ца тешаш. Цхьана диттана дуьхьал ялх б1е дитт муха лур ду, шена т1ехь тоьлла стоьмаш болуш долу? Лулахо реза хилира.

Цул т1аьхьа Абу Дахьда́хьа пайхамаре элира: «Х1ай, Аллах1ан элча! И дитт цу к1антан дели ас. Х1инца суна хир дуй ялсмани чуьра дитт? «Пайхамара элира дац: «Хир дац». Абу Дахьда́хь цецваьлла висира.

Т1аккха пайхамара элира: «Аллах1а цу стеган диттана дуьхьал цхьа дитт луш дара, ткъа хьо комаьрша стаг волу дера, ахь сов волуш хьайн ерриге беш д1аелира цхьана диттан дуьхьа, ткъа Аллах1 т1ех ч1ог1а комаьрша ву, цундела Аллах1а хьан цхьана бешана дуьхьал бошмаш елла шайна чохь долу дитташ дагардина вер воцуш дуккха долуш, шайна т1ехь дуккха а стоьмаш болуш».

Т1аккха пайхамара элира: «Масане дитт ду-кх Абу Дахьда́хьан ялсамани чохь!

Масане дитт ду-кх Абу Дахьда́хьан ялсамани чохь!»

Т1аккха Абу Дахьда́хь ша йоьхкинчу беша вахара. Шен х1усамнан карийра цунна бешахь г1уллакх деш. Абу Дахьда́хьа беша керта ца волуш мохь туьйхира шен х1усамнене: «Х1ай, Умма Дахьдахь, баккъалла а х1ара беш д1айоьхки ас, араяла цу чуьра».

Х1усамнанас хаьттира: «Стенах йоьхкина ахь и?»

Абу Дахьда́хьа жоп делира: «Ялсамани чуьра диттана дуьхьал».

«Ма дика мах бу иза! Ма дика мах бу иза!» – элира Умма Дахьда́хьа1.

Комментарии:

Ялсамани чуьра цхьана диттан дуьхьа шен ерриге беш д1аелла Абу Дахьда́хьа. Цу хенахь дукха рицкъ ду иза, х1ора дитто дуккха хурманаш луш, уьш д1аюхкуш дукха боккха аьтто бу иза. Делахьа а ялсманин дуьхьа Абу Дахьда́хьа х1оттина мах барам боцуш хилла-кх. Цуьнан дуьхьа х1уъу а лур йолуш хилла-кх из. Ткъа цуьнан х1усамнана а хилла-кх иштта кхетам болуш.

Дуьне чекхдер ду, эхарт дуьсур ду. Тахана эзар ди1 б1е шо хан ю Абу Дахьда́хь а, цуьнан х1усамнана а кхелхина, ялсамани чохь шаьшшимма яьккхинчу ялсаманин бешахь ни1мат оьцуш 1аш хир ду и шиъ. Цхьа а тайпа эшам ца хилла цушинна.

Ткъа ялсамани чуьра дитт эца ца лиъна волу лулахо, дуьне хьалха даьккхина ялсмани т1аьхьа теттина волу, иза а вирзина эхарте, ткъа атта дацара цунна ялсамани чуьра бешахь вахар, дуьне бахьанех цунах ца волуш, хьанна хаьа цунах х1ун хилла. Цуьнан беш мичахь ю х1инца?

Х1ун хилла цунах?

Ойла е, х1ай, бусалба ваша, йиша!

Ялсаманина айхьа х1оттийна мах д1ало Далла, Цуьнгара эца иза.

ДЕКЪАЛА ХИЛАРАН НЕКЪ

Цхьана дийнахь ламаз динчул т1аьхьа пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) хаьттира асхьабашка (Дела реза хуьлда царна):

«Тахана марха хьан лаьцна шух? Абубакара жоп делира: «Ас лаьцна». Пайхамара хаьттира: «Тахана докъана т1аьхьа а х1оьттина и д1адолла мила вахана шух?» Абубакара жоп делира: «Со вахана». Пайхамара хаьттира: «Тахана шух хьан елла мискачу стагана яах1ума?» Абубакара жоп делира: «Ас елла». Пайхамара хаьттира: «Тахана шух мила вахана цомгуш волчунна т1ехотта?» Абубакара жоп делира: «Со вахана». Т1аккха пайхамара элира: «Х1ара диъ х1ума стагехь цхьана дийнахь вовшахкхетар ма дац, иза ялсамани чу вахний бен2».

НУЬРЕ МАСАЛШ

– Вай элчанан х1усамнана 1аишата (Дела реза хуьлда цунна) шарахь х1ора дийнахь марха кхобуш хилла, марха кхаба ца мегаш долу масех де доцург.

– Элчанан асхьаба Абу-Дарда́ъа (Дела реза хуьлда цунна) х1ора дийнахь б1е эзар «Субхьа́налло́х1» олуш хилла.

– Элчанан асхьаба Абу-Х1урайрас (Дела реза хуьлда цунна) х1ора беттан хьалхара кхаа дийнахь марха кхобуш хилла цо.

– Элчанан асхьаба Абу-Х1урайрас (Дела реза хуьлда цунна) х1ора дийнахь шийтта эзар «Субхьа́наллох1» олуш хилла.

– Элчанан асхьаба Абу-Х1урайра (Дела реза хуьлда цунна) ша д1авижале эзар «Субхьа́наллох1» аьллий бен д1авуьжуш ца хилла.

– Элчанан асхьаба 1абдуллах1 бин Зубайра (Дела реза хуьлда цунна) цхьана буса ламазехь лаьтташ 1амал еш хилла, вукху буса ламазехь руку́1ехь лаьтташ 1амал еш хилла, вукху буса ламазехь сужданехь лаьтташ 1амал еш хилла.

– 1а́мир бин 1абдил-Къойса (Дала къинхетам бойла цунах) малх схьакхетча, малхбуза хан хиллалц ламазаш деш хилла.

– Асвад бин Язийда (Дала къинхетам бойла цунах) шарахь х1ора дийнахь марха кхобуш хилла, марх кхаба ца мегаш долу масех де доцург.

– Муррат Ат-Т1оййиба (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора дийнахь-буса ялх б1е рака1ат ламаз деш хилла.

– 1абду-Рохьман бин Аби-Лайлас (Дала къинхетам бойла цунах) 1уьйре хилча, малх хьалабаллалц Къуръан доьшуш хилла.

– Аль-Асвад бин Язийда (Дала къинхетам бойла цунах) к1ирнах марханаш кхобуш хилла.

– 1алий бин Хьусайна (Аллах1 реза хуьлда цунна) х1ора дийнахь эзар рака1ат ламаз деш хилла.

– Т1о́вус бин Кайсансий, цуьнан накъосташий х1ора малхбуз- ламаз динчул т1аьхьа до1анаш деш хилла.

– Майму́н бин Мах1ро́на (Дала къинхетам бойла цунах) вуьрх1итта шарахь х1ора дийнахь эзар рака1ат ламаз дина.

Билал бин Са1да (Дала къинхетам бойла цунах) х1ор дийнахь-буса эзар рака1ат ламаз деш хилла.

– 1алий бин 1абдиллах1 бин 1абба́са (Дела реза хуьлда царна) х1ора дийнахь эзар сужда деш хилла.

– Имам Ахьмад бин 1абдиллах1ас (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора дийнахь-буса кхо б1е рака1ат ламаз деш хилла, ша доьзт1къа шаре герга вахана воккха стаг волушехь.

Зуламхоша шена ницкъ бина могашалла галъяьллачул т1аьхьа цхьа б1е шовзткъе итт ракат т1е охьавеана иза.

Х1ора къирнах цхьауз къуръан доьшуш чекх доккхуш а хилла цо.

– Бакъий бин Михлад (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора кхаа буса кхойтта рака1ат ламаз деш, Къуръан доьший чекхдоккхуш хилла.

– Царех цхьамма аьлла: Шовзткъа шарахь ламаз дина ас, валлах1и имамана т1аьхьа х1оьттина волуш бен ламаз дина ма вац со.

Х1ора дийнахь б1е рака1ат ламаз деш хилла цо, х1ора дийнахь марха кхобуш а хилла.

– Хьусайн бин Фадло (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора дийнахь ялх б1е рака1ат ламаз деш хилла.

– Жунийд бин Мухьаммада (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора дийнахь кхо б1е рака1ат ламаз деш хилла, эзарнашкахь «субхьа́наллох1» олуш а хилла.

Комментарии:

Иштта Далла 1амал еш нах хилла уьш. Ткъа иштта 1амал еш хилларш дуккха бу вайн умматехь, делахь а берриш хьахалур бац, цундела вайна масална к1езиг хьахийна кхачам бина ас.

Вай саннарш цец бовла там бу церан 1амалх, амма уьш цу дарже кхачийнарш церан эхартаца йолу марзо ю.

Тахана вайгахь санна дуьненан баланаш хилла цаьргахь а, г1уллакхаш а хилла, делахь а ялсамани дуьхьа къахьега хан карош хилла-кх царна.

Тахана вайн болу дуьненан аьттонаш церан хиллехьара цара кхин а сов 1амал йина хир яра, делахь а вайний, царний юкъахь йолу башхалла – церан дуьненан аьттонаш ца хилла, амма лаам хилла, ткъа вайгахь дуьненан аьттонаш бу, амма лаам бац.

И башхалла ю вайна юккъахь ерг. Бакъду, заманаш а тайп-тайпана ю вайн. Церан зама беркате зама яра, питанаш, дуьне, стаг галвоккху х1уманаш к1езиг долуш. Амма вайн зама иштта яц. Адамийн ойла д1ахьийзайо х1уманаш дукха ду, питанаш денна совдуьйлуш ду, 1есалла дукха яьржина ю, цундела цара санна 1амал ян вайна ч1ог1а хала хир ду, ян лур яц иштта.

Цундела хьайн замане, хьоле хьаьжна 1амал т1елаца, цу т1ехь д1а а г1о. Хьан зама хала мел хуьлу, хьан 1амалан ял са йолу.

Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) ма аьлла: «Питане заманахь 1ибадат дар, со волче х1ижрат дар санна ду».

Цо гойту вайн питанаш сов девлачу заманахь 1ибадат дар деза хилар, пайхамар волче д1авахар санна мела хилар.

Цундела цхьа 1амал лаца хьайна т1е, ялсамани дуьхьа ахь даима йийр йолуш, хьо ялсаманина хьакъ вийр волуш Делан пурбанца.

ХАРЦА БЕХКАМ

Цхьана стага ислам дин т1еоьцуш пайхамарна бехкам х1оттина хилла шега саг1а а ма далийта, г1азот ма дайта аьлла. Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира цуьнга: «Саг1а а ца делча, г1азот ца дича, хьо ялсмани муха ваха воллу»?!

Комментарии:

Цо гойту ялсмани стаг вуьгуш ерг цуьнан 1амал хилар Делан къинхетамца, цундела ялсамани езахь 1амал ян еза.

РАБИЙIА

Вайл хьалха баьхначарна ялсамани муха езаш хилла хьовсур ду вай, т1аккха царна а, вайна а юкъахь йолу башхаллаш евзар ю вайн.

Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Рабий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу:

«Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчехь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг». Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар». Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха». Аса элира: «Иза доьху ас». Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де дуккха а сужданаш деш3»

Комментарии:

Рабий1ас (Дела реза хуьлда цунна) шена дечу г1уллакхна дуьхьал пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цунна диканца бекхам бан лиънера, цундела цо аьллера Рабий1е: «Хьйна дезарг деха соьга».

Ткъа Рабий1ас х1ун дийхира? Рабий1ас лоьхург х1ун хиллера?

Ялсамани ехна ца 1аш, ялсамани чохь уггаре лекха меттиг йийхира цо, пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) уллохь хилар.

Ткъа пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) уггаре лекхачу Фирдавс олучу ялсамани чохь хир ма ву, иштта цунна уллехь хуьлуш верг а хир ма ву!

Я Аллах1, ма доккха совг1ат ду-кх Рабий1ан хилларг!!!

Иштта лекха меттиг ехна шена Рабий1ас (Дела реза хуьлда цунна). Ма доккха х1ума хиллера цо сатуьйсуш дерг. Цундела, Рабий1ас доьхуш дерг дукх деза х1ума долун дера, цуьнан мах бала беза дера, пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) Рабий1ас доьхучу х1уманан мах билгалбира – иза Далла дуккха а сужданаш дар бу. Ткъа сужда – Далла дуккха а ламазаш дарца хуьлу. Цу т1е нисвира пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) Рабий1а, цо дехначу х1уманан механа т1е.

Рабий1ас дехнарг, цо т1елоцуш дерг дукха доккха х1ума долу дера, цунна мелла а аттаниг далархьама, пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира цуьнга: «Кхидерг деха». Амма Рабий1а (Дела реза хуьлда цунна) вацара шен лаамна т1ера вер волуш, цо шена иза бен х1умма ца деза аьлча, т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цо бала беза мах билгалбира цунна.

Рабий1ас (Дела реза хуьлда цунна) муьлхха а дуьненан х1ума дехнехьара, пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) лура дара иза.

Ткъа Рабий1ан дуьненан хьал муха дара хаьий хьуна?

Рабий1а чуваха чоь йоцуш, пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) маьждиг чохь вуьжуш-г1оттуш ма вара, наха саг1ина маьждиге деанарг бен кхин рицкъ а доцуш даа.

Зуда ялоза жима стаг вара иза. Даима меца волуш, тишделла, хийца шена т1ераниг бен кхин духар доцуш къен жима стаг вара Робий1а.

Уьш дерриш цо пайхамаре (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) дехнехьара, пайхамара уьш цунна лур дара. Шегахь уьш цунна дала дацахь а, Деле цо до1а дича, Дала и дерриге х1ума Робий1ана лур дара. Иза ч1ог1а дика хаьара Робий1ана, делахь а, шен дуьненахь боцу аьтто ца гора цунна, коьрта ойла иза яцара цуьнан.

Цуьнан ойла эхартаца яра, цигахь ша чуваха ялсамани йоцуш, цу чуьра даа мерза даар доцуш, ялсамани чуьра т1едоха хаза духар доцуш, ялсамани чуьра хаза хьурул 1ийн мехкарийн х1усамнаной боцуш, пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) уллехь а воцуш ша висарна.

Хаьара цунна ша дуьненахь мел хала вехахь а, и хало даима хир йоций. Я дуьненахь аьтто хилла цу халонех хьалхавер ву, я валарца чекхъер ю иза. Ткъа эхартахь дерг цкъа́ а д1ахедар доцуш, даима хир ду, цундела шена даима хир дерг дика хилийта лиънера цунна, цигахь дерг уггаре коьрта дуй хиънера цунна. Ткъа хьекъал долчу стаг йийр йолу ойла ю иза.

Лекхачу, Везачу Дала ахь ма-деххар, х1ай Робий1а, пайхамарца (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьаьна хуьлийтийла хьо ялсамани чохь, шун уллехь, тхо а шуьца хуьлийтийла Везачу Дала.

Иштта хилла-кх Робий1ас (Дела реза хуьлда цунна) пайхамаре (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) дехнарг.

Робий1а санна чуваха чоь йоцуш, хийца духар доцуш, саг1ина елларг бен юург йоцуш, зуда яло аьтто боцуш, зуда яло аьтто а, бан болх а боцуш хьо хилча, пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) Робий1е санна хьайга а деха аьллехьара, ахь х1ун доьхур дара? Робий1ас дехнарг доьхур дара ахь, я дуьненан аьтто боьхур бара ахь?

Ахь дуьненан хьал дехча а хьуна билла бехк бац, цуьнга хьо ч1ог1а хьаште хиларна, я ялсамани йоьхур яра ахь?

Ялсамани йоьхур яра ала там бу ахь. Иштта алар дика ду, делахь а таханлерачу хьайн дахаре хьажий дуста, баккъал а йоьхур ярий те, я яцара. Нагахь санна, Робий1а санна халчу хьолехь воллушехь ахь и йоьхург хилча, тахана Робий1ан хьоле диллича, паччахь санна вехаш волу хьо т1ех дукха ялсамани йоьхуш хила веза хьйн до1анашкахь.

Дийнахь-буса массазза до1а до ахь Везачу Деле хьайна ялсамана йоьхуш?

Робий1ел дуккха а дика 1аш воллушехь, дийнахь цкъа-шозза бен ялсамани йоьхуш хьо ца хилча, Робий1а санна хьолехь долуш вай тешне а йоьхур яцара иза. Бакъдерг ала боху вайга, иза къаьхьа делахь а.

Кху Робий1ах лаьцна дийцарца гайта г1ерта со вайн тахана г1ийла хилар. Хьовсийша, мел г1ийла ду вай ялсамани лехарехь, цуьнан ойла ярехь, иза Деле ехарехь, Дала иза вайна яларна сатийсам г1ийла бу-кх вай. Вай лийр долуш дац те? Вай жоьжахата даха мегш дац те? Хьо жоьжахати ца воьдуш, ялсамани г1ур ву аьлла кхаъ баьккхина хьоьга? Иштта дацахь, вайл хьалха хилла дика нах санна ялсаманига сатуьйсуш хила деза вай.

ХАСТАМЕ ЛАЙ ХИЛАР

1а́ишато (Дела реза хуьлда цунна) дуьйцу: «Пайхамара буьйсанна ламазаш дора шен ши ког боххалц. Т1аккха аса элира цуьнга: Оццул къа х1унда хьоьгу ахь, х1ай Аллах1ан элча, баккъал а, Аллах1а дерриге хьан хиллачу а, хиндолчу къиношна геч ма динера хьуна». Пайхамара элира: «Т1аккха Аллах1ана хастам беш лай хила ца веза со, Цо сайна деллачунна».

Ялсамани чохь Дала ша уггар лекхачу меттехь хуьлуьйтур вуй хуъушехь вайн пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) оццул къахьоьгуш хилла хилча, вай т1ехь ч1ог1а хаьште ду къахьега. Цо санна 1амала-м ялур яц вайга, амма ца еш 1ен а йиш яц вайн.

Х1ай, Делан лай! Пайхамарехь масал ду хьуна. Х1оранна хаьа ша х1ун нисдан деза, шений, Даллий юкъахь. Х1ора а шен дег1ана т1ехь теш ву ша лелочун. Т1аьххьара меттиг жоьжахати я ялсамани ю хьуна, тахана харжам хьоьгахь бу хьуна, ялсамани я жоьжахати?

КЕХАТ

Дала Муса Пайхамаре (Делера салам хуьлда цунна) деллачу жайни чохь аьллачуьнга, цо гойтур ду хьуна Къуръан 1ама ца деш цунах д1аверзар мел доккха г1алат ду.

Дала Мусага деллачу жайни чохь бусалбачу нахе аьлла:

<<Хьуна Соьх эхь ца хета? Хьоьга хьан вешера кехат кхаьчча, хьо г1аш воьдуш волуш, цу кехатан дуьхьа некъа т1ера юьстах а волий, охьа а хуий, ахьа иза цхьацца элп доьшуш ойла еш доьшу, хьайх цхьа а х1ума ца далийта. Ткъа х1ара Сан жайна ду Аса хьоьга доссийна, хьажа, мел ч1ог1а билгалдина Аса хьуна Сайн дош сайн жайни чохь, мосазза юх-юха дийцина аса хьоьга цу чохь дерг хьоьга ойла яйта, ткъа хьо цунах д1авирзина ву, хьан вешел вай хилла-кх Со хьуна гергахь… Х1ай, Сан лай! Хьан цхьа накъост хьоьца охьахиъча хьо цунна т1евоьрзу, цуьнан къамеле ладуг1у ахь хьайн дерриге дагца, цхьаъ юккъе иккхина вистхилахь я цуьнан къамеле ладог1а хьуна цхьамма новкъарло яхь, ахь цуьнга саца олий ишар йо. Ткъа, х1ан, Со ву хьуна т1евирзина хьоьга къамел деш сайн жайни чохь, ткъа хьо Соьх д1авирзина ву, хьайн накъостел лахара хийти хьуна Со?!

Комментарии:

Х1ара къамел вайга дог1уш ду Къуръан 1аморах а, дешарх а, ладог1арх а д1ахаьдда долчу. Х1унда аьлча, Къуръан ма ду Делан жайна, Цуьнан къамел а.

Дала и къамел Ша Мусага (Делера салам хуьлда цунна) деллачу жайнин хьокъехь дина хилча, цуьнга деллачу жайнел деза долу Къуръанан хьокъехь х1ун эр дара аьлла хета хьуна Цо вайга?!

Дала доссийначу жайнех уггаре деза дерг ма ду Къуръан!

Цуьнан хьакъ кхин а доккха ду вайна т1ехь. Иза кхочушдан деза ахь, х1ай, Делан лай, дуьненахь а, эхартахь а декъал хилархьама. Лаьий хьуна декъала хила?

Лаахь хила… Хила… Иза хьан карахь ду хьуна…

ДОГ Ц1АНДАР

Цхьа воккха стаг хилла даима Къуръан доьшуш. Цхьана дийнахь цуьнан жимачу к1ентан къанта хаьттина цуьнга:

– Дада, хьуна Къуръан дагахь хууш ца хилча, ахь иза х1унда доьшу?

Цунна моьттина, Къуръан дагахь 1амош ца хилча, иза деккъа дешаро х1ун пайда бийр бу аьлла.

Чохь къора лелош 1аржбелла цаца хилла церан пеша уллехь. Дедас аьлла цуьнга:

– Валол, оцу цецана чохь хи да суна.

К1ант цаца эцна хи т1е вахна, цу чохь хи а эцна схьавог1уш цу чуьра хи д1адолуш хилла, цецах чекхдолий охьадоьдуш. Дедас юх-юха вохуьйтуш хилла иза цецана чохь хи дан. Кхин цуьнга иза дан ца делча, дедас хаьттина к1ентан к1анте:

– Цу цецах чекхдийлинчу хино х1ун дина цецана?

К1ентан к1анта жоп делла:

– Къорах 1аржбелла цаца ц1анбина, к1айн а бина цо иза.

Т1аккха дедас аьлла цуьнга:

– Иштта и хи санна ду Къуръан а, суна иза дагахь хиъна сан даг чохь иза сецна дацахь а, аса иза доьшуш сан дагах чекхдолуш сан дог ц1андо цо, цецах чекхдолучу хино цаца ц1анбаре терра.

Комментарии:

Ишттачу масалца кхетийна цо жима к1ант Къуръан деша дезаш хиларх.

Шеко йоцуш, Къуръан дагахь хаар доккха дозалла ду, иза дагахь 1аморца даг чохь сецна хилча, дог даима ц1ена а, хаза а хир ду цуьнан.

Амма иза дагахь ца хаьахь а, иза дешарца даг чухула долуш делахь, дог ц1андо цо, ц1ена латтадо. Х1унда аьлча, вай 1аш-дехаш даг чохь дуккха а х1ума соцу вайн, масала: Хьаг1, гамо, цабезам, куралла, эхарте сацатийсар, дуьне т1ех дукха дезар, кхин а дуккха а вон х1уманаш а.

Амма цу массо х1уманах ц1андо Къуръано дог. Даима ийман латтадо цо даг чохь.

Даима Дела латтаво цо даг чохь.

Даима эхарт дагадоуьйту цо.

Даима Делаца йолу юкъаметтиг ч1аг1йо цо.

Иштта кхин дуккха а пайда бо цо вайн г1ийлачу дегнашна.

Цундела, х1ай, буслба ваша, йиша, хьайна Къуръан 1амаде, цунах тасало, дуьненахь а, эхартахь а пайде хир ду хьуна иза, цо ялсамани чу вуьгур ву хьо Делан пурбанца, ахь иза даггара Делан дуьхьа доьшуш делахь.

ИТАЛЕРА БУСАЛБА СТАГ

Цхьа 1еламстаг хилла Итали вахна. Цигахь цхьана дукха ч1ог1а бахамаш болуш вехачу бусалбачу стааца цхьаьна лелаш хилла иза шайн юкъарчу г1уллакхна. Ткъа и бусалба стаг даима цхьаъ доьшуш хиларан тидам бина 1еламстага. Т1аьххьара цо хотту цуьнга:

– Хьенех, Делан дуьхьа алахьаар ахь, х1ун ду ахь доьшуш дерг?

Цо жоп ло цунна:

– Къулх доьшуш ву со, юх-юха доьшуш.

Стага хотту цуьнга:

– Мосазза доьшу ахь иза?

Стаго жоп ло цунна:

– Х1ора дийнахь цхьа эзар къулх доьшу аса!

Комментарии:

Аллах1 Акбар!

Ма дукха Къуръан доьшу цо х1ора дийнахь.

Масала: Бисмал а доккхуш цкъа къулх дешча кхузткъе ялх (68) хьарф (элп) аьлла хуьлу. Къуръан т1ера цхьа хьарф ешча итт ешча санна хуьлу элир-кх вай лакхахь, т1аккх и кхузткъе барх (68) хьарф иттане са яьккхича, ялх б1е кхузткъа (680) хуьлу.

Ткъа цо дийнахь къулх цхьа эзар доьшуш хилча, ялх б1е кхузтакъа эзар (680 000) мела баьккхина хуьлу цо!!

Ткъа оццул къинош д1а а ма доху цунна т1ера, лакхахь вай ма-аллара!

Вай ца боху хьога къулх цо санна цхьа эзарза деша. Хьайга дешалахь деша, кхин а сов я к1езиг а. Массеран хьал а, г1ора а, аьтто а цхьатера ма бац, цундела айхбьа даима д1ахьура болу барам схьа а лаций, иза д1ахьо х1ора дийнахь боьшуш.

КЕЧАМ

Д1аяханчу цхьана заманахь вехаш хилла 1абдуллах1 бинИдрийс ц1е йолу дика стаг. Цуьнга 1ожалла кхаьчна, къелвисинчу хенахь, цунна уллохь йолу цуьнан йо1 йилхина. Т1аккха 1абдуллах1а цуьнга аьлла:

– «Х1ай, сан жима йо1, ма елха. Баккъал а, Къуръан доьшуш диъ эзарза чекхдаьккхина хьуна ас кху х1усамехь, кху хьолана кечам беш».

Комментарии:

Цундела, тахана ойла е цу балхах, хьайн 1ожалла атта хилийтархьама, эхартан кхане беркате хилийтархьама. Дала иштта хуьлийтийла иза вайн массеран а. Амин, Я Аллах1! Амин!

ДАКЪАЗАЛЛА

Цхьа стаг хилла цхьана дийнахь шен х1усам чу веана. Чуьрачара хаийтина цунна, шайл лакхарчу квартира чохь волу шайн лулахо д1аволуш хилар. Иза шена хиъча иза волчу хьалаваьлла иза. Чувахча, цунна гира маьнги т1ехь б1аьргаш д1а а ч1аьг1на 1уьллу шен лулахо. Цунна го бина цуьнан гергарнаш а бара. Д1аволучунна уллехь лаьтташ магнитофон яра зурма локхуьйтуш.

Х1окхо цецваьлла элира цаьрга:

– Аш х1ун леладо?! Леш волчунна зурма ма ца лоькхуьйту, Къуръан дешийтар дикох ма ду цунна! Къуръан т1ехь долуш кассет юй шуьгахь?

Цара элира:

– Х1окха д1аволучо латаяйтина тхоьга иза. Яц тхоьгахь Къуръан т1ехь долуш кассет.

Т1аккха и стаг сихонца шен х1усаме а вахна, Къуръан т1ехь долу кассет йохьуш схьавеана, зурма д1а а яьккхина, Къуръан т1ехь долу кассет магнитафон чуйиллина, Къуръан латийра цо.

Т1аккха Къуръан деша доладелча, леш волчо б1аьргаш схьа а биллина мохь туьйхира:

– И х1ун ду!? Д1адаккха иза! Схьаян зурма! Д1адаккха иза, ца деза суна иза, д1адаккха!!..

1 – Ибн Хьибба́н, 7159.
2 – Муслим,1028.
3 – Муслим, 489.
Продолжить чтение